ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаамийн гIирсийн маршо къийсарна немцойн преми делла Навальный Алексейна


Навальный а, Волков а. 2015 шо

Владимирскан кIоштарчу колонехь волчу Оьрсийчоьнан оппозиционерна Навальный Алексейна хаамийн гIирсашкахула луш долу MI00 Media Award немцойн совгIат дина, яздо Свобода Радионо. Дахначу кхаарин дийнахь Потсдамехь хIоттийначу церемонехь Навальныйн цIарах преми схьаэцна цуьнан агIончас Волков Леонида.

MI00 Media Award совгIаташ доькъуш ду 2005-чу шарахь дуьйна, зорбанаш а, дешан маршо а Iалашъярехь а, демократин принципаш чIагIъярехь а доккха дакъалоцучу нахалахь. "Немцойн тулгIе" ("Немецкая волна") гIирсо хаамбарехь, хьалхо цуьнан лауреаташ бевлира оьрсийн "Дождь" телеканалан инарла директор Синдеева Наталья а, францхойн сатирикан Charlie Hebdo журнал а, "Доза доцу лоьраш" организаци вовшахтоьхна Кушнер Бернар а, кхинберш а.

Навальныйна преми даларца, цуьнан авторша шайн дIахьедарехь ма-баххара, "билгалдоккху йозуш йоцчу оппозицино а, могIарчу бахархоша а Европан мехаллаш Iалашъяр ладаме хилар", ишта оьрсийн оппозиционерна преми даларо дагабохкуьйту Оьрсийчуьра политикан тумакхаш, - бакъоларъярхойн зерашца, уьш бу, Навальный а цхьаьна, 400.

Церемонехь вистхуьлучу Маьршачу демократин партин куьйгалхочо Линдер Кристиана аьлла: "Германехь оха цкъацкъа латкъамаш бо плюрализмо гIело ярна, йа дешан маьршо къовларна, амма бакъду, ма кIезиг хета суна тхайн резадацарш, тахана Оьрсийчохь хуьлучуьнга хьаьжча".

Оьрсийн хIора а коррупционерна дуьхьал персонале санкцеш яхар хьехначу Навальныйн тобана тIетайна Линдер.

Хьалхо Польшин "Маршонан къонах" ("Рыцарь свободы") премин лауреат хилира Навальный. И совгIат дIалуш церемони а хилла кху деношкахь.

Навальныйн агIончийн блогаша а, "Навальный LIVE" ютьюб-канало а тIеийзабо шайна бIеннашкахь эзарнашкахь шайн агIонашка язлурш, миллионашкахь бу цаьрга хьуьйсурш. Навальныйца мел йоьзна информацин ресурс дIакъовла гIерта Оьрсичоьнан Iедалхой.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG