ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зударий дIасалело таксхо йийна карийна Дагестанехь

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанехь зударий дIасалело 34 шо долу таксхо Алхасова Динара йерца доьзна бехкзуламан гIуллакх долийна Дагестанехь. Иза лоьхуш кхо де даьллачул тIаьхьа ницкъахошца йоьзначу телеграм-каналаша хаамбина, цуьнан дакъа карадарх лаьцна.

Официалан версица, гIадужу-беттан 30-чу дийнахь шен хIусамден цIарах йолчу машенахь Алхасова новкъа йелира. Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн зорбанхойн сервисца йоьзначу телеграм-канало дIакхайкхийнера, и зуда лоьхуш хиларх. Цу тIехь йаздо иза ХIинжа-ГIалахь йехаш йара аьлла.

Лахьан-беттан 2-чу дийнахь 112 цIе йолчу телеграм-канало хаамбира, Алхасован дакъа "лаьмнашкахь" схьакарийна аьлла.

Mash Gor канало дуьйцу, гIалин йистехь полисхошна карийна цуьнан дакъа бохуш. Baza телеграм-канало йаздо, йайна хиллачу зудчун телефон Кизил-Юртахь карийна, ХIинжа-ГIалина 70 километар генахь аьлла. Жима зуда тIехь хилла машен стенгахь йу а, хууш дац. Официалехь Алхасова йийна аьлла, хаам тIечIагIбина бац цкъачунна.

Цхьахйолчу версица, Алхасова зударий дIасалелош таксхочун болх беш йара, амма ша кхайкхинчу стага мах лакхара аларна, реза хиллера иза. 112 телеграм-каналан хаамашца, иза йерна бехке хила тарлуш ву цуьнан хIусамда Алхасов а, иза Iехийна, кхайкхина хилла цуьнан доттагI а. ХIун бахьанашца иза йийна а, цкъачунна дуьйцуш дац.

  • Дагестанехь меттигера вахархо лецира, нанна Iаткъам бан Iалашонца цуьнан пхи шо долу йоI лачкъорна. Бакъоларйаран органийн белхахошна дуьхьало йинера цо, ьеран урс тухур ду ша бохуш, кхерамаш а туьйсуш.
  • Дагестанера нашидаш олучу гоьйаьллачу иллиалархочунна Магомедова Хадиджина тIелатар дина хилларг лаьцначуьра дIахийцира ХIинжа-ГIалахь. Цунна тIехь лазийна меттигаш а боллушехь, йуьйр йу бохуш, кхерамаш а тийсинашшехь, талламхошна иза лаьцна латтон бух ца карийра.
​
XS
SM
MD
LG