Нохчийчуьрчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо Дуьненаюкъарчу зударийн денна лерина дахаран кеп-кепарчу агIонашкахь къахьоьгучу 17 зудчунна совгIатна петарш елла аьлла, Инстаграмехь яздина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
«Ненан сий» мидалш елла тIеман декхарш кхочушдечу хенахь веллачу чоьхьарчу министраллан шина эскархочун наношна.