ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зудчунна тIелатарна дина таIзар къовсарх гIуллакх ца хилла ГIалгIайчуьра вахархочун. Набахте хьажор ву иза


ГIалгIайчоь, Магас
ГIалгIайчоь, Магас

Магасера 29 шо долчу Тимурзиев Къурейшана таIзар дарна дуьхьал чуйеллачу апелляцин хьокъехь сацам бовзийтина ГIалгIайчуьра Лакхарчу кхело. Шен хIусамнанна, "Дикачу гIуллакхийн клуб" гIоьналлин фондан куьйгалхочунна Матиева Натина тIелеттера иза урс даьккхина. Шогачу хьелашкара колонихь даккха ворхI шо тоьхна цунна. ТаIзар къовса гIоьтинера Тимузиев, амма шаьш бина сацам хийцаза битина кхелахоша, хаамбира махкара талламан комитетан урхалло.

Матиевас болх бечу меттиге веанера 2022-чу шеран товбеца-баттахь Тимурзиев, цунна ворхIозза уьрсаца чевнаш йинера цо – бахьана дара цунах дIакъаьсташ хиларх хIусамнанас чуделла кехат. Матиевас дехар динера катоххий ша цунах дIакъастош сацам бе аьлла, хIунда аьлча, хIусамдас кхерамаш туьйсура цунна, бертаза кхуьнгара йоI схььайаккха а гIертара. Делахь а иамамо кхо бутт хан хIоттийра царна. Тимурзиевс масийттаза телефон йиттинера Матиева Нате а, цуьнан гергарчаьрга а, цуьнан да волчу а ваханера. Офисе иза йолчу веанчу цо дехарш динера, шех дIа ма къастахьара бохуш, амма хIусамнана ша бохучунна тIера ца йаьллера.

Тимурзиев сацон аьтто баьллера офисехь хиллачу нехан, Матиева дарбанан цIийне охьайиллира. ТIелеттарг лаьцнера, цуьнгара хьал хатта иза дарбанан цIийне веача. Бехкзуламан гIуллакх долийра ницкъахоша стаг вен тIелатар аьллачу артиклехула, тIелеттарг СИЗО хьажийра. Ша лаьцна шолгIачу дийнахь ша шена тоьхна вала гIоьртинера иза – хIусамнана Iуьллучу оццу дарбанан цIийне охьавиллира Тимурзиев.

  • Къилбаседа Кавказехь дуьххьара хилла хIума дац хIара, дIасакъаьстачу заманчохь а, цул тIаьхьа а шен хIусамнанна стаг тIаьхаьвуьйлуш. 2019-чу шарахь Къилбаседа ХIирийчохь шен хиллачу хIусамден карах йелира Гагиева Регина. Иза йолчу балха тIе веанчу Техов Вадима масийттаза урс тоьхнера цунна – йинчу чевнаша кхетамчуьра йаьккхина Регина, кхин метта а ца йогIуш кхелхира кIира даьлча.
  • 2023-чу шеран товбеца-баттахь Ростов-на-Дону гIаларчу "Красный Аксай" комплексера барбершопехь стага герз тоьхнера шен хиллачу хIусамнанна – салонан долахочунна - цул тIаьхьа шена а. Дарбанан цIийнехь йелира зуда. Ши шо хьалха дIакъаьстина хиллера иза шен хIусамдех. Цунах даим шекволу иза тIаьхьара ца волура, цо шена йеттарх полицихь дIахьедира зудчо, амма цуьнан дIахьедарийн терго ца йора.
  • 2022-чу шеран гIуран-баттахь Дербент гIалин кхело бехкевира Абдуллаев Насрулла йукъарчу барамехь могушаллина зен дарна а, герз латторна а, шозза и герз тоьхнера цо шена хIусамнанна. Арахь йаккха ши шо хан кхайкхош таIзар дира цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG