ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламаш дарна шеконаш кхайкхийна СБУ-но Алаудинов Аптига


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Украинан пачхьалкхан бух бохо гIортарна шеконашка эцна Украинан СБУ-но Нохчийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретарь, «Ахмат» лерринчу декъан командир Алаудинов Апти.

Юхататта йиш йоцу тоьшаллаш гулдина СБУ-но Алаудинов бехкехиларх, билгалдоккху урхаллин сайтехь. Доккхачу декъанна буьйцург бу зазадокху-бутт-охан-бутт, хIетахь Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалоцуш вара иза, «Ахматан» куьйгалла а деш Рубежное, Кременная, Северодонецк гIаланашкахь.

ДIахьедарехь билгалдоккху, и гIаланаш латта а дагош, дIалецнера: йоллу инфраструктура хIаллакйира, эзара маьрша нах байира, зенаш дира царна, иттаннашкахь эзарнаш хIусамех бевлира.

Украинан зуламан кодексан Iедалан кхепехь, цуьнца кхайкхийна ю шеконаш, пхеа шарера итт шаре кхаччалц чохь яккха хан кхачайо оцу бехкашца. Иштта хаамбина, кхечу зуламашна Алаудинов юкъара вуй хьовсуш, дIахьош талламан барамаш бу аьлла.

  • 2011-чу шарера 2012-чу шаре кхаччалц чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсан даржехь хиллачу, шен 38 шо долчу заманчохь уггар а къона Оьрсийчоьнан МВД-н инарла хиллачу, 2019-чу шарахь таIзаре хIоттийначу, 2021-чу шарахь даржера мукъаваьккхинчу Алаудинов Аптин карьерех лаьцна Кавказ.Реалиино ма-дарра дийцира. Делахь а, Украинехь тIом болабелча юхавеара иза мехкан урхалхочун гоне.
  • Кадыровн рожан критикаша дIахьедира Кавказ.Реалиига, Алаудинов тIамтIе ваханера "бехкех цIанвала" - Кадыровна хьалха "бехк дIабаккха", «Новая газетан» хаамашца, "забар йеш, Кадыров Рамзанан суьртана тIара тохар" дара цунна дуьхьал даьккхинарг.
  • Товбеца-баттахь Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белира Алаудиновна, "майралла а, турпалалла а гайтарна «ЛНР-хь» а, Украинехь а", ткъа Кадыровс Нохчийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретарь хIоттийра иза.
  • "Луганскан агIор жоьпаллехь" ву элира Кадыровс Алаудинов.
  • Алаудинеовс урхалла дечу «Ахмат» лерринчу декъан эскархой тIеман зуламашна бехкехиларх тоьшаллаш ду. Масала, стигалкъекъа-бутт бовш Алаудиновс видео зорбане яьккхира, Северодонецкера йийсаре лаьцначу эпсаран бIаьргийн кIелош Iаржъелла хиларна бехк цабиллар доьхуш. "Иштта нисделира, могуш-маьрша карадуьйла аьлча, ла ца дуьйгIира", - элира цо. Кадыров Рамзана массарна хезаш дIахьедира, "гIуллакх дац бехказавийла" аьлла.
  • Товбеца-баттахь видео яржийра машанехь, цу тIехь схьагарехь, Оьрсийчоьнан эскархочо гIело хьоьгуьйту украинхойн йийсархочуьнга, канцелярин уьрсаца воIу цо иза; цул тIаьхьа тапча туьйхира йийсархочунна. Bellingcat, The Insider ресурсашна гучуделира, и стаг «Ахматера» эскархо хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG