ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламашна бехкевечу Нохчийчоьнан Украинера векало кхеле ца вар дарба лелош хиларца кхетийна


Кадыров Рамзан а, Цицулаев Рамзан а
Кадыров Рамзан а, Цицулаев Рамзан а

Хьарамлонаш лелорна, ахчанаш дахарна, стаг лачкъорна бехкевен Нохчийчоьнан куьйгалхочун Укаринера векал Цицулаев Рамзан шен гIуллакхна тIехула йолчу кхеле ца веана, Нохчийчохь дарба лелош ву ша аьлла. Денош хьалха Москвара Никулинскан кхело лаца кхайкхийна иза, лехамашка а луш.

Адвокатан Бекаев Мохьаммед-Арефан дешнашца, "ялхозза даге лазар деана, кхин а диагнозаш йолу" Цицулаев Соьлжа-ГIаларчу тIеман дарбанан цIийнехь могушалла нисъеш ву, "кхелах къахка цуьнан цкъа а лаам хилла бац",- хаамбо пачхьалкхан информацин "ТАСС" агенталло.

Адвокато чIагIдо, хьакъ долчу барамашца кхеле дIахаийтина ша Цицулаев дарба деш хиларх, цундела Никулинскан кхело 17-чохь кхеле ца варна иза лаца кхайкхош тIеэцнначу сацамна латкъам бан дагахь ву ша. Оцу дийнахь цунна дуьхьал айдинчу бехкзуламан гIуллакхехула шина а агIор дийцарш хила дезаш дара. Хьалхо дIасавалар а дихкина латтош вара Цицулаев.

Пачхьалкхан "Новости" информагенталло яздо, адвокато Бекаевс "кIира хьалха" дийцира шайн ресурсе Цицулаев дарба лелош хиларх, амма гIирсан сайтехь публикаци яц.

  • Бехкбуьллучийн версица, лаьцначу бизнесхочун хIусамненера 50 эзар евро ахча эцна Цицулаевс, СИЗО-ра цуьнан цIийнда аравоккхур ву ша аьлла, тIелаьцна. Цул совнах талламна хетарехь, Москварчу полицин лаккхарчу белхахошца цхьаьна 2014-чу шарахь Цицулаевс бизнесхо Закриев Iела лачкъош дакъалаьцна а, 100 миллион сов цуьнгара ахча а доккхуш.
  • 2014-чу шарахь полисхоша операци дIаяьхьира Цицулаев лоцуш, амма цуьнан аьтто баьллера ведда вала, тIаьхьо федералан лехамашка велира иза, цул тIаьхьа дуьненаюкъарчу лехамашка а. 2017-чу шарахь Украинан кхерамзаллин сервисо лецира Цицулаев, экстрадици йира цунна Оьрсийчу, цигахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша лецира иза.
  • 2018-чу шарахь кхин а цхьа гIуллакх долийра Цицулаевна дуьхьал – вен Iалашонца азербайджанхойн совдегарна тIелатарна. Талламан версица, Цицулаевс тIедиллинера шеца юкъахь волчу накъостана Мадаев Джамбулатана бизнесхо вер. ТIаьхьо Мадаев лецира. Цо бартбира талламхошца гIуллакх кхеле а кхачале, хьаькам хиллачунна дуьхьал мукIарло динера. Довзазчу бахьанашца шен планашна юхаваьлла хиллера Цицулаев тешо бахарехь, юхадехнера кхуьнгара, хьалхо делла 100 эзар долларшкахь аванс.
  • Цицулаев лаьцначул тIаьхьа СИЗО-хь латтош вара иза, амма 2020-чу шеран чиллан-баттахь кхело барам хийцира, дIасавалар доьхкуш, аравалийтира иза СИЗО-ра.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан векал вара Цицулаев Украинехь 2011-чу шарера схьа дуьйна, 2014-чу шеран стигалкъекъа-баттахь цо дакъалецира, Къоман гвардино лецна хилла Life.ru ресурсан журналисташ маьршабохуш. СБУ-н пресс-гIуллакххоша чIагIдора, украинхошкахьа дог-ойла йолуш, цаьргахьа тIемаш бинчу нохчех хаамаш гулбеш хиллера Цицулаевс аьлла, ткъа лоцучу хенахь пачхьалкхехь бакъо йоцуш Iаш хиллера иза.
  • Цицулаевн хилла адвокат Садретдинов Фаиль бехкево 250 миллион соьмана петаршца курхаллаш лелорна, лехамашкахь ву иза.
  • 2015-чу шарахь вийначу Оьрсийчоьнан оппозиционеран Немцов Борисан гергарчара а, адвокаташа а чIагIонаш йо, иза вер вовшахтоьхнарг Росгвардин нохчийн батальонан командиран гIовс Геремеев Руслан вара бохуш. Церан аьтто баьллера, Геремеев кхеле тIекхайкхийта, амма талламо дIахьедира, иза кара ца вира шайна, официалан версица, иза вехачу хIусаман неI цхьаммо а схьа ца йиллира шайна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG