ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламашна тIаьхьакхиар шозза лахделла Нохчийчохь


2021-ра шо карадеачхьана Нохчийчохь шозза дукхаха (58,5%) лахделла динчу зуламашна тIаьхьакхиар - иза уггар вон гайтам бу пачхьалкхехь, аьлла ду Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло зорбане даьккхинчу рапорта тIехь. Къилбаседа Кавказан йоллу ялхе а республикехь зуламаш дастар лахделла гойту. Нохчийчоьнна тIаьхьа ю Дагестан - цигахь 25,3 процентна лахделла зуламашна тIаьхьакхиар.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зерашца, Адыгейхь кху шеран 11 баттахь 15,9 процентна кIезиг ду тIекхиъна зуламаш, стохка оццу хеначохь хиллачуьнца дуьстича.

Карарчу шеран 11 баттахь Нохчийчохь официалехь билгалдаккхарца, 2 889 зулам дина - стохкалерачуьнца дуьстича - 1 % алсам ду.

Къилбан регионашлахь зуламаш мел а алсамдевлла хиларца къастийна ГIалгIайчоь (12%), Дагестан (6%),Краснодаран кIошт (5%). Зуламаш дар лахделла Ростовн кIоштахь (5%) а, Кхарачой-Чергазийчохь а (4,9%).

Интернетах пайда а оьцуш, зуламаш дар кхиъначу мехкашлахь лидер ю Нохчийчоь (194%). Оцу кепара зуламаш цIеххьашха алсамдевлла хиларца билгалъяьккхина иштта Дагестан (60%), Адыгей (38%), Къилбаседа ХIирийчоь (33%), ГIалгIайчоь (26%).

Дукхахдолу царех лелийна зуламаш доьзна ду социалан машанашкахула а, мессенджерашкахула а лелочу курхаллашца.
Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а даккхий а, къаьсттина луьра зуламаш дукха дан буьйлабаларца хьалха ю Краснодаран кIошт, ГIалгIайчоь, Дагестан, Нохчийчоь.

ТIаьххьарчу кIиранчохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикаша дIахьедира, даймахкахь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх. Бара царлахь бакъоларъярхой Янгулбаев Абубакар, Садулаев Мансур, Арцуев Аслан. Иштта оппозицин блогерш, Швецехь веха Абдурахманов Тумсо, Германера Мализаев Минкаил, Туркойчохь веха Халитов Хьасан.

Йоьдучу пресс-конференцехь Кадыровс лач хьахийра критикийн гергарнаш лечкъийна хиларх, амма тIе ца дитира ша юкъара ву бохург. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, "блогерша а, бакъоларъярхоша а вас йинарш" хила там бу уьш бигинарш. "ЧIир екхар вай долчахь юкъара даьккхина ма дац", - дIахьедира Кадыровс.

Денош хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийра, царна чохь Кадыровс боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна видеоматериалаш яржийра махкарчу телегойтийло шен эфирехь а, инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG