ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламхойн тобанехь дакъалаьцна хиларх шекоерг лаьцна Нохчийохь


Аннекси йинчу ГIирмин территори тIехь шога зуламаш лелийна аьлла, шина шарахь сов федералан лехамашкахь хилла, зуламхойн тобанан декъашхо хиларца кхоллаеллачу шеконашца стаг лаьцна Нохчийчохь.

"Къаьстина, Оьрсийчоьнан ваахархочо, ГIирмин дозана тIехь цхьа мога шога зуламаш лелийна, иштта, хьалххе барт бина стаг вуьйш юкъахь хилла ву, талорашца тIелетарш дина, герз а лелош. 2018-чу шарахь ахгIайрин территоритIера дIавахара иза, цул тIаьхьа дикка лечкъина лийлира полисхойх", - хаамбина "Интерфакс-Юг" ресурсе ГIирмехула а, Севастополехула а йолчу ФСБ-н урхаллин пресс-гIулакххоша.

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн Нохчийчуьрчу урхаллица а, ГIирмин чоьхьарчу гIуллакхийн белхахошца а юкъахь Нохчийчохь дIаяьхьначу лерринчу операцехь лаьцна бехкехетарг, яздо ТАСС агенталло.

2018-чу шарахь аннекси йинчу ГIирмехь Нохчийчуьра бахархой декъехь а болуш, герзашца конфликт иккхира. Украинхойн "Новое время" газето яздора, ГIирмерчу жимчу бизнесна хуьлу пайда лахбаларца доьзна, ийгIина криминалан гонашкахь юкъаметтигаш аьлла.

Редакцига кхачийра, Пачхьалкхан думан депутатан Бальбек Русланан а, Хачукаев Iийсанна муьтIахь йолчу Нохчийчуьрчу зуламхойн тобанна а юкъахь герзашца хиллачу конфликтах видео.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG