Францин президентан дарж къовсур долчу Олланд Франсуан позицеш малъелла, амма тояла там бу

Францехь хIокху кIиран дийнахь хила беза президентан харжамаш тIекхачале, лидер волчу кандидатан социалистан Олланд Франсуан позициш дуккха а малъелла. ТIаьххьара динчу хьесапца, карарчу хенахь Францин президент волу Саркози Николя 5 процент бен цул а тIаьхьа ца висна.

Кхаарин дийнахь цу шина кандидатан телевизионехь къийсамаш хиллачул тIаьхьа гIелъелла боху аналисташа, Олландан позици. Амма цуьнан хьал дуккха а тодан там бу, центристийн цIарах президентан дарж къевсинчу Байру Франсуас динчу дIахьедаро. Цо ша Олландехьа кхаж тосур бу аьлла.