НАТО-н ши эскархо вийна ОвхIан-пачхьалкхехь


НАТО-н ши эскархо вийна ПIераскан дийнахь ОвхIан-пачхьалкхехь. 6 стаг лазийна ву. И бохам хилла ОвхIанан Малхбалехь йолчу Кунар олучу провинцехь. И дараш хилар бакъдина дуьненаюкъарчу ницкъийн буьйранчалло.

Еарин дийнахь Фарах олучу провинцехь, Iедалан хIусамна тIелатар а дина, гIаттамхоша вийра 7 стаг, кхин а 12 стаг лазийна ву. ТIелатар динарш хилла ОвхIанан полицин белхахойн духар а доьхна, карахь маса тоьпаш а йолуш.

ХIара шо доладелчхьана ОвхIан-пачхьалкхехь вийна НАТО-н 154 эскархо.