Шайна кхайкхийна санкциш дIаяха еза аьлла, хета ГIажарийчоьнна

Заррат программа бахьана долуш шайна дуьхьала дуьненаюкъаралло кхайкхийна йолу санкциш дIаяха еза аьлла, дIахьедар дина ГIажарийчоьно. Кестта ГIажарийчоьнна а, кхин а 6 пачхьалкхана а юкъахь БагIдадехь хир долу дагадовларш дIадерза деза цу тайпа сацам а беш аьлла, хеташ ву ГIажарийчоьнан арахьарачу гIуллакхийн министраллан векал Мехманпараст Рамин.

Цо дийцарехь, цу тайпачу сацамо гойтур ду гIажаройн партнераш баккъалла а лелаш бу-бац бохург. ГIажарийчоьнан дипломато дуьйцуш долу дагадовларш хила дезаш ду кху беттан 23-чу дийнахь. Цигахь ГIажарийчоь йоцург дакъа лоцуш хир ю Цхьанакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллан Кхеташонан даиман а декъашхо йолу 5 пачхьалкх а, Германи а.

Дуьненаюкъаралла шеко йолуш ю ГIажарийчоь, машаран программа кхочуш йо а бохуш, зарратан герз дан гIерташ хила мега аьлла. ТехIрано иза бакъ дац бохуш, чIагIдо.