Керлачу Ιедална тΙе да хΙоттийна Нохчийчохь


Нохчийчоьнан керла министрийн кабинетан куьйгалхо хΙоттийна Эдильгериев Абубакар. Цуьнан хьалхара когаметта тΙечΙагΙвина парламенто Тумхаджиев Ιиса. Ткъа хьалхо мехкан хьалхарчу куьйгалхочун а, Ιедалан а администрацин куьйгалхо хΙоттийра Даудов Мохьмад. Даржах вохийна волу Байсултанов Одес Къилбаседа Кавказан Гонан хьалханчин Хлопонин Александран когаметта хΙоттаво, бохуш, даьржира, официалехь а доцуш. Амма и эладита бакъдолче дерзанза ду цкъачунна.