Дагестанехь ЦунтIи-кIоштахь, Цебари олучу эвлахь физкултура луш волу хьехархо вийна мьулуш бу ца хуучу наха. ЦултIаьхьа цара цIе тесна ишколах.
Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, хьехархочунна герз тоьхна иза, малхбуза-ламаз а дина, маьждигера цIа вогIуш волуш. ЦултIаьхьа зуламхоша герзаш диттина ишколан гIишлонна тIе. И бахьана долуш ишкол, цIе а летта, яьгна.
И тIелатар динарш къайла бевлла.