15 дозанхо вагар теракт ю аьлла Назарбаевс

Алмаан-кIоштахь дозанера гIап ягар теракт ю аьлла, дIахьедар дина Казахстанан президенто Назарбаев Нурсултана. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, и дIахьедар дина цо низмаш лардон органийн куьйгалхойн кхеташонехь.

Назарбаевс дийцарехь, и бохам хилла чоьхьара девнаш бахьана долуш. Кхаарин дийнахь шайн цхьа гIап яьгна карийра Казахстанерчу дозанхошна. Цу чохь ваьгна 15 стаг. Уьш бу дозанхой а, цхьа иччархо а.