44 миллион мухIажар ву дерриге а дуьнентIехь

Дуьненаюкъара муIажирийн де дара кху дуьнентIехь билгалдоккхуш Мангал-беттан 20-чу дийнахь.

Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан цу проблемица йоьзначу урхалло дийцарехь, 44 миллион мухIажир ву кху дуьнентIехь таханлерачу денна.

Цхьаболчу хаамашца Нохчийчура махках ваьлла ву 200 000 сов стаг. Уьш тIелаьцна иттаннаш пачхьалкхашкахь.