Мисаран президентан цIе хуур ю кIирандийнахь


Мисар-пачхьалкхехь хиллачу президентан харжамийн жамIаш кхайкхор ду кIирандийнахь. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина Мисаран коьртачу харжамийн комиссино.

Кху къирнах ша-ша тоьлла бохуш, дIахьедарш деш вара цу мехакан президентан дарж къовсуш хилла волу ши кандидат – «Бусулба вежарий» партино гIортор еш волу Мурси Мохьаммад а, Мубарак Хьосни президент волуш цхьаьна ханна премьер-министр лаьттина волу Шафик Ахьмад а.

Цкъа дуьххьара харжамийн жамIаш дозуьйтур ду аьлла, дара даханчу еарин дийнахь. Амма иза тIаьхьатеттира шина кандидато харжамийн комиссига бина болу латкъамаш къастор Iалашонца.