Оьрсийчоьнан Iаткъам совбоккхуш, Гергарчу малхбалехь визит йолийна Путина

Оьрсийн президент Путин Владимир Израиле вахана тахана, политикан аналистийн хьесапехь, Гергарчу Малхбалехь Оьрсийчоьнан Iаткъам совбаккха. Визитан хан а нисъелла, Оьрсийчоьнан дерриг дуьненца Шемара дов а, ГIажарийчоьнан заррат программа а бахьанехь Малхбузенца юкъаметтигаш иръеллачу хенахь.

Шемаца а, ГIажарийчоьнца а доьзна хаттарш, схьагарехь, Израилан премьер-министрца Нетаньяху Беньяминца а, Израилан президентца Перес Шимонца а дийцаре дийр долчух тера ду.

Шинарин дийнахь Урдан Малхбузерчу йисте воьдуш ву Путин, Палестинан куьйгалхочуьнца Iаббас Махьмудца. Цигара дIа оьрсийн президент Урдан махка воьдуш ву, паччахьаца Iабдалла ШолгIачуьнца цхьанакхета.