Шеман дозанехь тIеман техника хIоттийна Туркойчоьно

Шен Шемаца долчу дозане тIеман техникан ковра хьажийна Туркойчоьно. ТIеман техникана юкъахь ю хIаваэрчу кеманашна дуьхьала йолу артиллери а, ракеташ кхуьйсу гIирсаш а.
Туркойн а, шемахойн а доза мел ду дIанисйина иза.

ХIокху беттан 22-чу дийнахь Шемано Дуьненаюкъарчу хIурдан тIехула туркойн тIеман кема чудожийчхьана дуьйна кхоччуш телхина шина пачхьалкхан юкъаметтигаш.
Цул сов, шеман кеманаша Туркойчоьнан хIаваан доза хIокху шарахь бIоьзза сов дохийна бохуш чIагIдо Хьонкаро.