ГIалгIайчура МалгIбек кIоштахь полицин инспектор вийна

ГIалгIайчура МалгIбек кIоштахь тIелатар а дийна вийна полицин инспектор.
Дийцарехь, Пседах эвлахь пIераскан буса метигерчу администрацина уллехь эккхийтар дина.

Оьккху молха башха нуьцкъала ца хиларна, цхьанне а зе зулам ца хилла. Полицин векал шен цIера эккхийтар хиллачу ваха араволуш, цуьнан машенна тIе маса тоьпаш йиттина бевзаш боцчара. Церан къайлабовла аьтто баьлла.