Мурси Мохьаммеда чIагIо йина къоман дуьхьа хьанала къахьега

Мисаран коьртачу КъахIир гIалахь къоман дуьхьа хьанала къахьега чIагIо йина Мисаран керла хьаржинчу президенто Мурси Мохьаммеда.
Парламентехь а ца хьуш, пачхьалкхан Лакхарчу Кхелехь дIаяьхьира чIагIо яран церемони. Цуьнан бахьана дара парламент хьалхуо, Лакхарчу ТIеман Кхеташоно дIасахецар.

«Бусулба вежарийн» партино президент ваха векал вина хилла Мурси Мухьаммед 5-гIа президент ву, 1953-чу шарахь Мисар пачхьалкх республика кхайкхичхьана дуьйна.

ПIераскан сарахь КъахIиран коьрртачу ТахIрир майданахь гулбеллачу шен агIнчашна хьалха къамел дира цо. Мурсис цигахь дIахьедар дира ша мехкан Конституцино ма-бохху урхалла а дийр ду, Лакхарчу ТIеман Кхеташоне шеца Iедал а къуьйсуьйтур дац, аьлла.

«Мисаран бусулба а, керста а нахе» кхайкхам беш Мурсис дош делира, конституцин бух тIехь дуьненан къоман пачхьалкх кхуллур ю ша» аьлла. «Бусулба вежарий» дукха хенахь дуьйна юкъадаха гIерта бусулба низамаш цо хьаха а ца дира.