Пакистанан кеманаш тΙелатарна бехке до овхΙанхоша


ОвхIанистано ша Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Кхерамзаллин Кхеташоне арз дийр ду, аьлла, дΙакхайкхийна Пакистано шен дозанерчу овхΙанхойн юьрта тΙе герзаш деттарна. И хаттар президент Карзай Хьамид дийцаре дан лерина ву деношкахь хиндолчу Пакистанан премьер-министрца Первез Ашраф Раджаца. Шайгахь тоъал тоьшаллаш ду, боху овхΙанхоша, шайн Кунар къоштарчу юьрта тΙе Пакистанан кеманаша дахначу кΙиранах бомбанаш тоьхна хиларан. Оцу бахьанийца юьртара бевдда хилла эзарнаш бахархой.