Рузбанера богΙурш байъина Ленинкентехь


ПΙераскан рузба дирзинчу сохьтехь, Дагестанерчу Ленинкент юьртарчу маьждигна уллехь бевзаш боцчара ши стаг вийна герзаш диттина. Цул тΙаьхьа зуламхой, шайн машенаш чу а хевшина, дΙабахара, бохуш дуьйцу гиначара.

И саннарг нисделира кΙира хьалха Карамахи-юьртахь а, цигахь маьждиг чохь вийра имам а, кхин цхьа стаг а.