Политковская йоьш дакъалаьцна аьлла, бехк кховдийна Павлюченковга


Новая газетан корреспондент Политковская Анна юш дакъа лаьцна аьлла бехк кховдийна милицин белхахо хиллачу Павлюченков Дмитрийга. Цуьнан бехк-такхъаман гIуллакх луьстур долуш ду ша тайпачу рожехь.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан векло Маркин Владимира дийцарехь, цуьнан бахьана ду Павлюченковс, ша бехке хилар даре а деш, талламхошца барт бина хилар. Талламан комитетан белхахоша дийцарехь, Павлюченковс, ша милцо хиларх пайда а эцна, шен тергонехь латтош хилла Политковская Анна. Цулсовнаха цо эцна хилла 2006-чу шарахь журналист юьш лелийна йолу тапча.

Павлюченковс чIагIдарехь, цо ларамаза дакъа лаьцна и зулам деш. Стигалкъекъа-баттахь суьдо бакъо елира цунна набахтера маьрша вала, Iедалшна а ца хууш дIаса вер вац аьлла, чIагIо а яйтина.