Луьра кхел йина ОвхIанехь Францин эскрхой байинчу эскархочунна


Францера пхи эскархо верна тоьпаш тоха кхел йина ОфхIанан Армин эскархо хилла волчу Сабор Iабдуллина. ОвхIанистанан тIеман министралло бинчу хаамца, и сацам бинарг ю цу мехкан лаккхара тIеман кхел.

Сабора герз тоьхнера Францин эскархошна Каписа-провинцехь йолчу НАТО-н тIеман базехь кху шарахь Дечкен-беттан 20-чу дийнахь. Виъ фрацуз вийра, кхин цхьаъ велира тIаьхьо госпиталехь.Чевнаш йинера 15 стаганна.

Цу тайпа бохамаш сих-сиха хуьлу ОфхIанистанехь. Франс-пресс агенталло дийцарехь, хIара шо доладелчхьана, цу кепара инциденташ а хилла, вийна 26 стаг.