Иракъехь баьлла бохам шена тΙеэцна Ал-Кхайдо


Иракъехь оршот-дийнахь, 115 стаг хΙаллак а веш, 300 лаза а веш дина лелхийтарш интернетехула шайна тΙеэцна Ал-Кхайданах ду шаьш бохучу наха. Тергамхоша билгалдоккху, дечу лелхийтаршкахь даккхий зенаш хуьлурш шиΙаташ хилар. Оцу кепехь дечу зуламаша марсадоккху суннатхошний, шиΙаташна юкъахь кΙарглуш лаьтта дов, аьлла хета тергамхошна.