50 инарла эскарера мукъаваьккхина Туркойчохь


Туркойчоьнан лаккхарчу тIеман кхеташонан декъашхойн цхьаьнакхетар хилла Шоьтан дийнахь. Иза чекхдаьлча 50 инарла а, адмирал а эскарера мукъавоккхуш ву аьлла, хаам бина туркойн куьйгалхоша.

Царах дукхах берш лийцина набахташкахь бу. Iедалша чIагIдарехь, ЭрдохIан Реджепан Iедал дохор Iалашонца, къайлах барт бина хилла цу наха. И нах эскарера мукъабахаран официалан долу бахьана ду эскаран куьйгалхойн даржийн терахь лахдар.