Мисарахь салтий байъарна гонаха


Жуьгтийчоьно декхаре йо Мисара шен Синайн декъах ма-доггΙу дола дан. 15 Мисаран эскархо вийна цигахь, тΙелатар а дина, бевзаш боцчу герзахоша. Мисаран-пачхьалкхан президента Мурси Мухьаммада дош делла Синайх дуьззина жоьпаллехь хила а, кΙирандийнахь динчу зуламна доггΙу таΙзар бехкечарна дΙакхачон а.