300 сов юрт йохийна мохкбегоро


ГΙажарийчоьно билгалдаьхна шена шоьтан дийнахь мохкбегийча хиллачу зенан терахьаш. 227 стаг кхелхина, 1380 стаг лазийна. Чоьхьарчу гΙуллакхийн министра Мохьаммад Наджар Мостафас, белларш-лазийнарш лехар чекхдаьлла, берриг а ницкъ зе хиллачу меттигашкахь нахана кхача а, ханъяьккха меттигаш хилитарна а тΙехьажийна шаьш, элира журналисташка. Цо бахарехь, мохкбегош зе хиллачу 600 юьртах ах сов йоьхна. 16 эзар вахархо ву кхерч боцуш висина.

Бохам хиллачу сохьташкахь кадам а беш, шайгара гΙо хир дуйла дΙахаийтина Германин арахьарчу гΙуллакхийн министра Вестервелле Гидос а, Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира а.