Патриархo Кирилла а, митрополитa Михалика а "вовшашна къинтIера довлар" дехна оьрсашка, полшхошка

Москохан а, ерриг а Оьрсийчоьнан патриархо Кириллa а, полшин католикийн куьйгалхочо митрополит Михалика а тахана кхайкхам бина оьрсашка а, полшхошка а, «вовшашна къинтIера а довла, харцо а, дегабаамаш а бицбе» аьлла. Оцу кхайкхамна кIел куьйгаш яздина царшимма Варшаверчу паччахьийн гIаланашкахь.