Шема пачхьалкхан масех гIалахь хIаваэра герзаш диттина Iедалан эскарша. 129 стаг вийна

Шема пачхьалкхан масех гIалахь хIаваэра герзаш диттина тахана Iедалан эскарша.
Бакъонашларяъохоша бечу хаамца, Алеппо а, цуьнан йистехь а тIемаш бу боьлхуш.

Иштта, Асадана муьтIахь болчу ницкъаша герзаш диттина, оппозици тIехьожучу Хомс а, Херак а гIаланашкарчу гIишлошна. Оцу вер-ваккхаран жамI – 129 стаг ву.
Цхьанатоьхначу Штаташа шаьш гIортор йийр ю аьлла, шоьтан буса Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино Шемахула къобалвина волу керла векал Брахими Лахдар.

Шен агIора, Китайно а дика тIеэцна и хаам. Шемара хьал политикан тIегIанехь дерзош цо йохучу гIулчашна гIортор йийр ю шаьш, аьлла.
Шемахула дуьненаюкъара векал хилла Аннан Кофин метта хIуттуш ву, Алжирера дипломат Брахими. Шена тIера декхар Аннан Кофис охьадиллинера, шен шемара дов дерзоран машаран план кхочуш ца хилча.