Мархнаш досту де даздеш бу бусулба нах

Беза мархийн бутт чекх а баьлла, Марханаш досту де билгалдоккхучу дийнахь
170 000 эзар бусулба стаг гулвеллера Москох ламазаш дан. Иштта, дукха адам гулделлера ГIезалойчохь а – бIе эзар сов. Дагестанехь, хIордан йистехь ламазаш дира наха, маьждигаш чохь меттигаш ца тоьъна.