Бусулбанаш байъарна – 18 шо


Индехь «Бхаратия Джаната» партин куьйгалхойх йолу, ткъа шо хьалхо министр лаьттина Коднани Майя 18 шарна набахте хьажийна кхело, 2002-чу шарахь Гуджарат-кΙоштахь, цΙерпошт а баьгна, нах балар бахьана долуш, гуламашка бевллачу бахархойх 95 бусулба стаг вуьйш дакъалацарна. Коднаница цхьаьна кхеле озийна вара 31 стаг.