Эрмалойн президента Саркисян Сержа дΙахьедина, шен пачхьалкх кийча ю Азербайджанца муьлхха а тайпа тΙом бан а, толам баккха а, аьлла. Шайна оьшуш бац тΙом, амма иза кочатуьйсу Бакохара, боху Саркисяна.
И къамел дира эрмалойн лидера, Ломан Карабахан цаязаран де даздечу барамашца а дузуш. Саркисянна и къамел дан бахьана делларг ду деношкахь азербайджанхойн президента Алиев Ильхама шайга Венгрино дΙавелла волу 8 шо хьалха эрмалойн эпсар вийна махкахо набахтех мукъаваккхар.