Корах чуиккхина актер Белявский

Москох велла вевзаш волу Оьрсийчоьнан артист Белявский Александр. Ша вехачу петар чура корах чуиккхина иза. Белявскийн 80 шо дара.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, кхо-диъ шо хьалха, деган цамгар а кхетна, вист хилар дайна вара Оьрсийчохь везаш волу артист.

Белявский Александра дакъа лаьцнера иттаннаш киношкахь. Царах уггара а евзуш ерг ю «Место встречи изменить нельза». Цу чохь иза вара Фокс цIе йоллу зуламхочуьнан васт хIоттош.