Путин вен гΙертарш алссам хилла, талламчаша дийцарехь


Оьрсийчоьнан президент вен кечам беш хилла, аьлла, Украинехь лаьцначу нохчочуьнца Осмаев Адамца а, Казахстанерчу оьрсийчуьнца Пьянзин Ильяца а зулам дан араваьлла хилла боху Оьрсийчоьнан Талламан комитето кхин а цхьа нохчо.

Эдельгиреев ву, аьлла вовзуьйтуш ву иза. Цо юкъарло латтош хилла террорхойн цΙарх, чΙагΙдо низамхоша, нохчийн лаьмнашкарчу гΙаттамхойн лидерца Умаров Доккица. Амма Ιедалан караваханза, лаца кхайкхийна ву ша Эдельгиреев.