Оьрсийчохь кхелаш Ιедалан бага хьоьжу


Оьрсийчуьрчу Ιедало кхелех политикан Ιалашонаш кхочушъечахь пайдаоьцуш хилар емалдо еарий дийнахь Европан Парламенто тΙеэцначу резолюцино. Цо Пусси Риот олучу арт-тобан кхо декъашхо, цаьргара яьллачу лелдарлонца дуьстича, тΙех къиза ларадогΙу таΙзар дарна бехке йо Оьрсийчоь. Ιедало и гΙулч халкъ оппозицех дΙа ца кхетийтархьама а, ша, оппозици, кхерорхьама а яьккхина, аьлла ду резолюци тΙехь.

Иштта сагатдо Европарламенто Ιедална резабоцчийн векал Осипова Таисия, 8 шо хан а тоьхна, набахте хьажоро а, Навальный Алексейна а, Немцов Борисна а, Удальцов Сергейна а, кхиболчу оппозиционерашна а Путинан режимо алссам тΙеΙаткъам беш хиларо а.

Политковская Анна, Эстемирова Наташа, Магницкий Сергей а байъинарш лахар сихдаре а кхойкху резолюцино Кремль.