ТΙеман хьелашкахь бу Башлам


ГΙебарта-Балкхаройчоьнан шина лома къошташкахь - Эльбрусан а, Баксанан а - тΙеман операци кхайкхийна ницкъаллин урхаллаша. И хаам баржийна террорна дуьхьало яран комитетан оперативан чоьно. Оцу тΙеман бараман Ιалашо ю ломан хьаннашкара гΙаттамхой леца а, хΙаллакбан а.

И тайпа барамаш оцу шина а къоштахь тΙаьххьара дΙабаьхьинера бутт гергга хьалха. ХΙетахь жамΙ доцуш дирзира герзахой лехар.