Виъ гΙаттамхо-нохчо вийна Хасу-Юьртахь


КΙирандийнан сарахь ша Хасу-Юьртахь тΙематасадаларехь вийначу веа жимстеган цΙерш йовзийтина Дагестанан полицино. ТΙемалойх хилла боху уьш – ткъе кхоккха шераш долу Ахмедов ИбрахΙим, Гебертаев Ваха, 22 шо кхаьчна Гагаев Ιимран, 30 шо долу Тимербулатов ИсмаьΙал - нохчий бу. Масситта стаг а воьш, хьалхо Хасу-Юьртахь динчу зуламийн дай бу боху уьш полицино.