Цхьа журналист кхелхина, шолгΙачунна - чов хилла


Демаьшкахь снайперан герзо йийна ГΙажарийчоьнан ингалса матталарчу Пресс-ТВ телевизионан репортер Насер Майа, лазийна Аль-Алам - телевизионан куьйгалхойх волу Мортад Хьусайн. Бохам хилла Шемин эскарийн коьрта штабна гергахь, цигахь ши бомба иккхича, уьш видеогайтам дΙаязбеш бохкучу юкъанна. ТΙеман хьукматна уллехь бомбанаш лелхийтар шайна тΙеэцна гΙаттамхоша.