Машарбархошлахь совбевр бу зударий


Зударий дуьнентΙехь машар бечу белха юкъаозош йовлу харжаш лагΙъян, Ιаьмеркарчу Ιдалх йоцчу Инклюзив Секьюрити Институт цΙе йолчу юкъаралло хΙора шарахь дΙахеца лерина 2 миллион доллар. И ахча дойъуш хир ду зударех болу эксперташ а, юкъархой а корматаллехь кхиош. Институто юхьарлаьцнарг догΙу ши шо хьалха Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино зударий машарбаран балха юкъа алссам ийзон беза, аьлла тΙеэцначу резолюцица.