Шемарчу Ιедална дуьхьал - санкцеш



Цхьакхеттачу Къаьмнийн Юкъаралло, Шемарчу Ιедалан ницкъаша халкъана бен Ιаткъам емал беш, сацам тΙеэцна. Иштта дΙадахдина цо цигахь тΙеман зуламаш дар толлучу дуьненаюкъарчу тобан мандат а. Сацам къобалбина 41-на махко. Дуьхьала хилира Китай, Куба, Оьрсийчоь.