Ши тIемало вийна Дагестанехь

Дагестанехь, Чонтаул-эвлахь, леррина операци дIахьуш вийна ши стаг. Меттигерчу Iедалан векалша дийцарехь, кхин а масийтта тIемало къайлаваьлла. Меттигерчу антитерроран комитето бинчу хаамца, 7 тIемалочух лаьтташ йолу тоба гоне лаьцнера цу эвлахь Оршотан Iуьйранна цхьана нехан доларчу хIусамехь.

Iадалша шайга карадуьйла аьлча, цу наха, герзаш а детташ, духьало йина. ТIематасадаларехь царах 2 вийна, биснарш бевдда кIелхьара бевлла. Уьш лохуш бу полицин ницкъаша.

Iедалан векалша чIагIдарехь, Чонтауланна гергахь карийна тIемалоша яьккхина тоьла. Цу чохь хилла герз а, саьмгар а, тIеман духар а.