Соьлжа-гIалахь даздаршкахь хилла Депардье а, кхин болу дуьненан седарчий а

Соьлж-ГIалахь гIалин де даздеш концерт хилла ПIераскан сарахь. Цхьаболчу зорбанан гIирсаша яздо, иза Кадыров Рамзан вина де даздеш вовшахтоьхна яра бохуш.

Соьлж-ГIала баьхкина бара кху дуьнентIехь бевзаш болу кинон а, музыкин а седарчий. Тайп-тайпанчу хаамийн гIирсаш тайп-тайпана цIераш йоху.

ИТАР-ТАСС агенталло дийцарехь, Соьлж-ГIаларчу хьешашна юкъахь вара Францера вевзаш волу актер Депардье Жерар.

Стохка цу тайппа концерт бахьана долуш скандал иккхинера, бакъонашларъярхоша цигахь дакъалаьцначу бевзаш болчу нахана критика яр бахьана долуш.