40 стаг эккхийтина ГΙурбан дийнахь


ОвхΙанистанехь маьждига чохь, ша а леш, эккхийтар динчу террорхочо вийна лаххара а 40 стан, 70 сов лазийна. Фаръяб-шахьарарчу Меймен-юьртахь нах гΙурбанна Ιийде бевллачохь дина и зулам. Ламазаш дина а бевлла, нах арабовлуш хилла эккхар хуьлуш. Къоштан хьаькамаша хаам барца, беллачаралахь ву 17 Ιедалан ницкъийн белхахо а.