Кхелийн сацамаш кхочушбеш 10 стаг вийна Иракъехь

10 стагана йина йолу вен кхел кхочуш йина Иракъехь даханчу КIирандийнахь. Уьш берш а бехке бина бара терроризм лелорна. Иракъан юстицин министралло бинчу хаамца, цу нахана юкъахь ву Мисар-пачхьалкхан махкахо а.

Дуьненаюкъарчу Human Rights Watch олучу бакъонашларъяран вовшахтохаралло бинчу хаамца, кху тIаьхьарчу шарахь Иракъ йоьалгIачу меттехь ю зуламхошна байаран кхелаш ярехь, Китай а, ГIажарийчоь а, Сауди Iаьрбийн пачхьалкх а дIаяьккхича.