Туркойчоь ларъян дагахь ю НАТО

НАТО-н инарлан секретаро Фог Расмуссен Андерса дIахьедар дина, шайн кхеташоно дерриг а дийр ду, Туркойчоь ларъян аьлла. Оршотан дийнахь ПрахIехь НАТО-на юкъайогIучу пачхьалкхийн парламентан ассамблейхь вист хуьлуш, Расмуссена билгалдаьккхира, ша куьйгалла дечу тIеман-политикан вовшахтохаралло леррина план кечйина хилар, эшахь Туркойн пачхьалкх ларъян.

Туркойн Iедалш саготта ду луларчу Шемахь хуьлург бахьана долуш. Цигара тIом шайн территорина тIе баларна кхоьруш бу туркой.