ШиΙаташ лелхийтина Пакистанехь


Пакистанерчу Равалпинди-гΙалахь 23 стаг велла, 60 лазийна кхаарийн сарахь тΙалибаша шиΙатийн тезетан барамехь ши бомба эккхийтар бахьана долуш. Хьалхо ши бомба карийнера Карачи-гΙалахь шиΙатийн маьждигехь. Шинхьа а хилларг шайн боламан цΙартΙе доккхуш къамел дина тΙалибийн пресс-секретара Ахьсан АхΙсануллахΙа.

И санначу хиламаша новкъарло йо Пакистанна, цигахь деношкахь исламан мехкийн саммит йолалуш хилар юьхьаръэцча.