Банк яьхьна Дербентехь


Оршоьтан буса Дагестанерчу Дербентехь коммерцин банк яьхьна герзашца хиллачу наха. Оцу хьокъехь полице хаам бинчу оцу банкан куьйгалхочо бахарехь, гΙишлон неΙ йиллинчул тΙаьхьа, тоькан херхаца сейф а яьстина, даьхьинарг ду 7 миллион сом гергга ахча. Полици толлуш ю и кΙола.