Адамийн Бакъонаш Итт йоI йийна ОвхIанистанехь ГIуран-бутт 17, 2012 10 бер дийна Оршот дийнахь ОвхIанистанехь. И бохам хилла Нангархар-провинцехь. Малхбузерчу хаамийн агенталлаш дийцарехь, бомба иккхина дечиг лахош долчу берашна юкъахь. Уьш берш йоIарий бу, 9-13-тта шераш долу.