Iамеркан Пачхьалкхан секретар хир ву Керри Джон

Iамеркан президенто Обама Барака Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретаран дарже хьалхатеттина сенатор Керри Джон. Нагахь Сенато Керри тIечIагIвахь цо цу даржехь хуьйцур ю Клинтон ХIиллари. Клинтона хьалхо дIахьедар динера, Обаман шолгIа президентан хан йолаелча Пачхьалкхан секретаран дарж дита дагахь ю ша аьлла.

Керри Джон Демократин партин цIарах президентан харжамашкахь дакъалоцуш вара 2004-чу шарахь. ТIаьхьарчу хенахь Обама Баракан арахьарачу политикана гIортор еш вара иза.